Ненан дог
28.11.2014Дешархойн кхетамехь нохчийн г1иллакхашца а, бусулба динехь а ненаца хила дезачу г1иллакхех долу хаарш к1аргдар хьокъехь д1аяхьна Кантаева Раисас Ачхой-Мартанер 6 школер историн хьехархочо классан сахьт. Нохчийн литературица , маттаца а долу гергарло ч1аг1дар; халкъан иллеш, эшарш йовзийтар. Классан сахьт д1аг1ош пайдаэцна г1ирсаш: нохчийн яздархойн Б. Гайтукаеван, С.-Хь. Нунуевн, Хь.Талхадовн, А. Бисултановн произведенеш; С. Шоиповн, М.Ташаеван ненах иллеш; мультимедин г1ирсаш. Оцу денна кечам беш, классерачу дешархоша сочиненеш язъйинера Ненах лаьцна, кечйинера байташ. Мероприяти баьхкина х1ора ненан дагах кхийтира шаьш лерийна аьлла дешнаш.