Яздархошца цхьаьнакхетар
24.04.2015Х1ора шарахь, апрель баттахь, Т1ехьа-Мартана №6 йолчу юкъарадешаран школехь д1ахьо Нохчийн меттан де даздар. Цуьнца доьзна школехь д1адаьхьа лерирна дара нохчийн яздархошца цхьаьнакхетар. Тхо долчохь хьошалг1ахь вара «Даймохк» газетан корт редактор, Нохчийн Республикан яздархойн Союзан Правленин председатель хьалхара заместитель а волу Шамсудинов Бувайсар Шамильевич. Бувайсара билгалдаьккхира, гулар арахеца лууш волчунна дог резадеш г1о деш вайн къона президент Кадыров Рамзан ву аьлла.
Бувайсара шен кьамелехь берашка элира: «Кхечу кьоман нах «хьоьгур» болуш беза а беза, уьш цецбохуш, бийца а, хаа а беза. Вайга ма 1амало кхечу къаьмнийн меттанаш. Оьрсийн мотт хаар а, и 1амор а дика ду, делахь а, шен ненан маттал кхин мотт лакха а х1иттош, кхин мотт бийца г1ертар бакъахьа ца хета суна». Иштта, яздархочо кхайкхам бира, стихаш язъеш верг шайн редакци вола аьлла. Цо хаийтира шаьш г1о дийриг хилар, зорба тухург хилар.