Бакъволу хьехархо - Малсаков Смаил Байсултанович

03.02.2023

«Муьлхха а болх сийлахь бу»,- олуш ду-кх халкъалахь. Ткъа безаш и болх белахь, кхин а алсам сий дан деза цуьнан. Шен даго къобалбечу балха кхаьчначу стага и болх мел лерина бо. Шен кхиамех воккхаве иза, цахуучунна тIекхиа гIерта, шен говзалла лакхайаккха а, иза кхачаме хилийта а къахьоьгу цо. Ткъа хьехархошна йукъахь говзаллин хьал гуттар а тодан дезаш, белхан хьелашкахь керл-керланиг Iамо дезаш хуьлу. 

Массо а хенахь хьехархо лараме хилла ву йукъараллехь. Школехь болх бина ца Iаш, нехан дахарехь а хьехамча а, дика накъост а хуьлу иза. Нохчаша гуттар а лоруш хилла дешна стаг, хIунда аьлча оьшучу хенахь цунах накъост хир вуйла хууш. «Дешна нах вайна йукъахь дукха мел хили а, вайца харцо лело ницкъ кхочур бац вайна вон болх бан луучеран. Йоза-дешар ца хуу стаг бодане ву, иза атта левийр ву хьаъа а, цунна шен бакъонаш ца йовзарна», – олура наха хьалха. Йуккъерчу Азе дIакхалхийначуьра нохчий Даймахка цIабирзинчу хенахь лаккхара дешар дешна стаг йоккхачу йуьртахь а цхьаъ-шиъ бен ца хуьлура, жима йурт-м йийца а ца оьшура. Генарчу махкахь вай долчу хенахь деша аьтто хилларш вуно кIезиг бара, ур-аттал йуккъера школа йаьккхинарш а дукха бацара. Школа йаьккхинарш берашна хьеха а, йуьртан совете урхалла дан а, совхозе, колхозе куьйгаллин болх бан а бохуьйтура цу хенахь Iедало. Дешна, корматалла йолу говзанчаш тоьуш бацара вайн республикехь –  къаьсттина йарташкахь. Цундела кегий нах деша бохуьйтура вузашка а, корматаллин йуккъерачу заведенешка а. ЙухаметтахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн республикина къона инженераш, хьехархой, лоьраш, юристаш, экономисташ, нефтан а, йуьртбахаман а декъехь говзанчаш оьшура вуно чIогIа. Цундела кегий нах дешарна тIебирзинера, дукхахберш вайн цIахь, Соьлжа-ГIалахь, вуьш кхечу регионашкахь доьшуш бара.

Иштта тхан йуьртахь, Т1ехьа-Мартанан к1оштахь, вара Казахстанехь а, Киргизехь а йуккъера школа чекхйаьккхина масех жима стаг. Царах цхьаъ вара Т1ехьа-Мартанан №6 йолчу йукъарадешаран школехь нохчийн меттан хьехархо хилла а волуш Малсаков Смаил Байсултанович.

Иза вина 1938 шарахь чилланан беттан 10-чу дийнахь. Кхечу берийн санна, цуьнан бералла д1айахара Казахстанехь. Цигахь школа чекхйаьккхира цо.   Зама чолхе а, хала а хиларе терра, оьшучу х1уман т1ехь дений-нанний г1о-накъосталла деш, шахтехь болх бира цо.       

ЦIадирзинчул тIаьхьа дукха хан йалале, йуьхьанцарчу классашна хьоьхуш школе балха х1оьттира Смаил.  Болх а беш, 1963-1969-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пединститутан нохчийн меттан факультетехь дийшира.  

1968-1997-чу шерашкахь лакхарчу классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болх бира цо. 

Смаил Байсултанович тоьллачу хьехархойх цхьаъ вара. Балхахь баккхий кхиамаш бахарна Нохчийн республикин «Лакхара хьехархо» («Старший учитель»), «Халкъан серлонан дикахаархо» («Отличник народного просвещения»), «Къинхьегаман ветеран» («Ветеран труда») аьлла цIераш а йелла Смаилана, кхин дуккха а совгIаташ а дина.  

Ша хаьржина корматалла атта йоцийла а хууш, цуьнан лакхенашка кхача хьаьжна Смаил. Берийн дог-ойла хууш а, цаьрга йолу шен деган марзо гойтуш дика хьехархо вара иза. Ша школехь хьоьгу къа берийн дуьхьа долуш, церан дика хаарш хилахьара-кх, уьш гIиллакхе а, оьзда а хилахьара-кх бохуш, вара иза. Цунна хаьара, бен воцуш хилар хьехархочун корматаллехь  маггане а мегар доцуш хIума дуйла. Цундела массо а урокана леррина кечам беш, цунна оьшу гIирс кечбеш, урокана кхин а тIеоьшу материалаш вовшахтухуш, къахьоьгура цо. Гуттар а бохург санна, предметашна йукъахь йолчу уьйрех пайда оьцура Смаила шен балхахь, къаьсттина нохчийн меттан урокехь.

Стеган дахарехь, иза дуьненчуьра д1аваьллачул т1аьхьа, йуьсуш йерг стеган ц1е йу. И ц1е дикачу аг1ор йаккха йитина Смаила. Шена хууург къоначарна довзуьйтуш, корматаллин къайленаш Iамош къахьийгира цо.

 ХIун халонаш йу хьан балхахь аьлла, шега хаьттича, иштта жоп делира Смаила:

 – Халонаш йоцуш-м цхьа а болх хир бац аьлла, хета суна. Х1инцалера хало цхьа а чот ца хета суна. Даймахках къастийна, ц1ийнах-ц1арах ваьккхина, жималлехь ас лайначуьнга хьаьжча, велла д1аваллалц къахьега реза ву со х1инца. Кхин х1умма дацахь а, сайн ненан мотт бийца а, хьеха а маьрша ву со сайн махкахь.

Суна, массо а хьехархочунна санна,  уггаре а доккха совгIат бераша дика хаарш гайтар а, айса хьоьхучу ненан матте церан марзо хилар а ду.

Атта-м дац хьехархо хила, амма хьо хьайн болх безаш велахь, цул диканиг хьуна кхин карор бац. Иштта дог-ойла йолуш болх бина школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш хиллачу Смаила. Ша хьоьхучу берашкахь нохчийн матте безам кхиийна ца 1аш, шен доьзалехь шен корматалле марзо а, ларам а кхио ларийра шен балхана хьанал волу Смаил.

Шен доьзална а цо магийра цкъа а сий довр доцу адамийн йукъараллехь коьртачех цхьаъ -  хьехархочун говзалла. Дас дина хьехар цхьана а шеконе ца дуьллуш, къобал дина т1еийцира йо1а Айзана. Тахана а цу новкъахь къахьоьгуш схьайог1уш йу тоьллачех цхьаъ йолу йуьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш йолу хьехархо Айзан.

Хьехархочун болх сийлахь а, лараме а, амма жоьпалле а бу. Вайн дахарехь а, даг чохь а лар йитина хьехархо вара Смаил. Ишттаниг виц ца ло.

Дала декъал войла иза!